Тёмный

Джамалханов Зайнди. Нохчийн меттан а, литературин а Iилманчех дош. 

Нохчийн меттан институт
Просмотров 869
50% 1

Нохчийн меттан говзанча, хьехархо, Iилманча, фольклорист Джамалханов Зайнди вина 1922-чу шеран хIутосург беттан 9-чу дийнахь Лаха-Неврехь. Винчу йуьртара ворхI шеран ишкола чекхйаьккхинчул тIаьхьа Нохч-ГIалгIайн меттан а, историн а Iилманан-талламан институте балха кхойкху иза. Оцу шерашкахь Н.Ф. Яковлевца цхьаьна цо къахьоьгу нохчийн литературин меттан морфологи а, синтаксис а хIоттош. ХIетахь дуьйна цуьнан дахар нохчийн маттаца а, и талларца а ца хедаш схьадогIу. Амма, къоначу Iилманчин иштта кхиамца болабелла Iилманан болх, нохчийн къам махках а даьккхина, цхьана ханна йукъахбелира.
1957-чу шарахь, Даймахка цIа ма вирззи, карлабоккху Зайндис нохчийн мотт талларехь ша беш хилла болу болх. ХIетахь дуьйна схьа цо йазбина 250 сов Iилманан болх (Iаматаш, хьехаран пособеш, дешаран программаш, дошамаш, публицистикин статьяш):
- «Нохчийн меттан нийсайаздаран коьрта бакъонаш» (Мациев А., Джамалханов З. 1958 шо);
- «Чечено-ингушско-русский словарь» (Мациев А., Джамалханов З., Оздоев И. 1962 шо);
- «Нохчийн мотт» (хьехархойн училищен студенташна лерина Iамат. Фонетика. Орфографи. Морфологи. I дакъа. Синтаксис II дакъа. Джамалханов З. 1985 шо);
- «Нохчийн мотт» (7-8-гIий классашна Iамат. Джамалханов З. 1985 шо);
- «Нохчийн меттан нийсайаздаран дошам» (Джамалханов З., Алироев И. 1993 шо);… иштта кхин а.
Гоьваьлла нохчийн меттан хьехархо-методист вара Джамалханов З. 1950 шарахь Соьлжа-ГIалара хьехархойн колледжехь нохчийн мотт хьехна цо. Студенташна гIиллакх-оьздангалла лелорца масал хилла лаьттина а ву иза.
Хьехаран белхан зеделларг, Iилманехь девзинарг къоначу хьехархошна дIадала лууш а, и шен декхар лоруш хилла Зайнди. И бахьана дара дуккха а шерашкахь хьехархойн говзалла лакхайаккхаран институтехь цо болх бар. Нохчийн мотт, барта кхолларалла, литература хьехаран методикех боккха пайда а оьцура хьехархоша цуьнан лекцешкахь.
Ларамаза дац цунна «Нохчийн Республикин халкъан хьехархо» сийлахь цIе йалар а. Иштта бIаьрла лар йитина Джамалханов Зайндис исбаьхьаллин литературехь а. «Сирла некъ» (1959), «Тешам» (1964), «Ирсан новкъа» (1980) байтийн гуларийн автор ву иза.
Iилманехь а, хьехархойн хьаьрмахь а, литературехь а цуьнан хьаналчу къинхьегаман лаккхара мах хадийна йукъаралло а, Iедало а; Нохчийн пачхьалкхан университетан сийлахь профессор, Нохчийн Республикин сийлахь гражданин, кхин а дуккха а совгIаташ делла цунна.
Шен дахар ца кхоъош, вайн халкъан синхьашташна ваьцначех цхьаъ вара, Зайнди. Цуьнан кхалхар хилла 2014-чу шеран хIутосург беттан 14 дийнахь. Шен денош, шераш эрна ца оьхуьйтуш, шен халкъана а, махкана а пайденна волуш йаьккхина цуо хIокху дуьненахь шена йелла зама. Цундела, къоман дозалла а хилла, веха иза вайца хIинца а!

Опубликовано:

 

20 июн 2022

Поделиться:

Ссылка:

Скачать:

Готовим ссылку...

Добавить в:

Мой плейлист
Посмотреть позже
Комментарии    
Далее
Fixing Plastic with Staples
00:18
Просмотров 1,2 млн
КЪАРАЧАЙ ТВ КЬОНАКЪДА
17:31